Исполнитель - Тамила Сагаипова | Песня - Назам

Ламазна гор хота кхетам чохь хьо велахь
И ламаз кхочуш да таптаза хьо велахь
Иманяхь нис вала хьекъаляхь хьо велахь
Ахь вай ДАЛЛА хастам белахь Аллхьамдулиллах1

Дуьнена вай даьхни ма оьшу хьай делахь
Дуьнена бахамах дог 1аьбна хьай делахь
Мискачях къа хеташ и доькъуш хьо велахь
Ахь вай ДАЛЛА хастам белахь Аллхьамдулиллах1

Зе зулам хьа ц1инах ца кхеташ дисиняхь
Доьзаллаш д1а боьвла хьо ца1 ца висиняхь
Эхарта ойла йа хьо могуш висиняхь
Ахь вай ДАЛЛА хастам белахь Аллхьамдулиллах1

Бусулба вай Дина цо совг1ат даларна
Ша элчи вазвина ва вайна валарна
Элчана умматах вай ДАЛЛА (...)
Ахь вай ДАЛЛА хастам белахь Аллхьамдулиллах1

Ша хьехо циш йолуш мот вайна баларна
Источник thelondonsouvenirshop.com
Шенгари совг1ат деш къин хетам баларна
Бусулба деза дин цо вайна даларна
Ахь вай ДАЛЛА хастам белахь Аллхьамдулиллах1

Адами дог ца эшош нисо йа 1еминяхь бакъ долчу уьш тешош
Некъ гайта 1еминяхь
Вовшашлахь сий Дина хьо цара лериняхь
Ахь вай ДАЛЛА ХАСТАМ белахь Аллхьамдулиллах1

Ямарчу г1улакхехь лар вала 1еминяхь
Мегарчу хиланяхь